Этнографически диктант "Ненан мотт- иза халкъан юьхь,халкъан орам бу"
09.04.2019Тахана оханан беттан 9- чу дийнахь Грозный- г1аларчу 6- чу школехь д1аяьхьира "Ненан мотт- иза халкъан юьхь,халкъан орам бу" ц1е йолу этнографически диктант. Диктант лерина яра вайн Ненан матте болу безам к1аргбарна а, совбаккхарна а, бахархойн а,иштта дешархойн а хаарш алсамдахарна а. Диктантехь жигара дакъалецира дешархоша а,церан дай- наноша а, хьехархоша. Дала кхид1а йолчу ханна а вайн Ненан меттан сий дан а, и 1алашбан а хьуьнар лойла вайна. Дала т1аьхье беркате йолйла!